Коронавирусан ун даржар бахьана долуш дIакъевлина долу маьждигаш схьадаьстина Урдунехь. БIе шо сов хьалха Нохчийчуьра дIабахначу мухIажираш динчу Заркъерачу маьждигехь гулбелира дуккха а меттигера нохчий. Дуьненахь массанхьа а санна, юккъехь меттиг а юьтуш, нисбо могIарш ламазе хIуьттучара.