Масех де ду Францерчу Дижон гIалахь Алжирера а, Мароккора а схьабевлла кегийнах нохчашца девне бевлла. Дерриг а доладелла 16 шо долчу нохчочунна йиттинчул тIаьхьа. ГIалахь наркотикаш юхкучу наха дина и зулам, аьлла, гIалин юккъехь лаьттачу кальян-баран дайх летта нохчий.