Куц-кеп хуьйцуш, пластикан операцеш йина Нохчийчуьра яхархочунна хан тоьхна. Бюджетера ахча лачкъорна, таIзар токху ГIалгIайчоьнан финансийн экс-министр цIахь хан яккха витина, дарбан цIийнера ара а ваьккхина.
Товбеца-беттан 4-хь Австрехь 43 шо долу Нохчийчуьра вахархо верна бехке йина Кадыров Рамзана "Оьрсийчоьнна дуьхьал болх беш йолу" къайлаха сервисаш. И дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо, стаг верна ша бехке вича. Цунна и бехкаш дохкурш бу Европерчу пачхьалкхашкахь беха нохчий.
Кадыров Рамзана Австрин къайлахчу сервисашна бехк биллина нохчо верна; «The Washington Post»: дозанал арахьа нохчийн диссиденташ бойъуш бу киллерша; Къиза зуламаш дан кечвелла ши нохчо лаьцна Украинехь
Нохчийн политикан мухIажар Умаров Мамихан верца доьзна митинг хIоттийнера Венехь; Австрин министро дIахьедина, эвсара таллам беш ду шаьш, Умаров вен хьажийнарш лохуш аьлла; Соьлж-ГIалара Москва лела некъахойн цIерпошт дIайолалур ю еарин дийнахь дуьйна
Товбецан-беттан 7-чу дийнахь Австрерчу Оьрсийчоьнан векалтан гIишлонна хьалха протестан гулам хIоттийра махкахь бехачу нохчаша. ДIадахначу шоьтан сарахь Венехь рогIера стаг шайх вер (Умаров Мамихан) Iаткъинчу гуламхоша бехкейира Оьрсийчоь, Европе киллерш а кхуьйлуш, шаьш хIаллакдеш хьийзарна.
ДаIишхойн могIарш дузарна а, терроризм бакъярна а 8 шо хан тоьхна Нохчийчуьрчу вахархочунна; UFC-н чемпионан Нурмагомедов Хьабибан да ваьхначу юьртан цуьнан цIе тилла хьийза Дагестанехь; Францерчу Лаваль гIалахь нохxийн мухIажаро кIелхьарваьккхина балконах тасавелла францхо
Нохчийн блогер Умаров Мамихан вийна Австрехь Товбеца-беттан 4-чохь. Австрехь шолгIа нисделла Кадыровн критик оцу кепера вер. 2009-чу шарахь Венехь тапча тоьхна вийра Нохчийчоьнан куьйгалхо ларвархо хилла Исраилов Iумар. Умаров Мамихан верах лаьцна шена хетарг дуьйцу Чиллан-баттахь Швецехь ша а тIе.
Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна критика ярца вевзаш хилла Умаров Мамихан (Бек Мартин) вер политикица доьзна ду я дац толлур ду Австрин прокуратуро. Иза вийра Вена гIалин йистехь шоьтан сарахь. Куьгбехке хиларх шеко йолуш лаьцна ву 2 стаг.
Австрехь вийначун хьокъехь ши стаг лаьцна. Ший а Нохчийчуьра веана хилла; бакъонашларъярхоша дехар дина Бастрыкине, Умаева ер тергоне эца аьлла; COVID-19 уьнах велла 5 дархо, ун даьлла 380 стагана
Европехь кхерам шайна тIаьхьарбаьлла аьлла ца хета нохчашна. Кест-кеста вуьй, кIелонна буха нисло царах хийланиг. ХIоьттинчу хьолехь шайн кхерамзаллин шаьш гIайгIа бан безаш нисло церан.
Кавказерчу бахархойх кхин а 6 велла уьнах; кхелхина гоьваьлла тренер Нурмагомедов Iабдулманап; жимачу нохчийн кIентанна орцабевлла хьийза массо а
Нохчийчоьно рекорд яьккхина харжамашкахь юха а; коронавирусах 9 стаг велла, 630 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса; лоьман кIорни лазийначу дагестанхошна дуьхьал дов айдина
Хьажа кхин дIа а