Нохчийчоь зуламаш кIезиг ден меттиг ю, боху цхьана хьаькамаша, ткъа кхечара – уггаре дукха уьш дечу мехкийн могIара юьгу
25 шо ду Гурдич Рамизас шен вийна хIусумда а, ши бер а лоьху.
ЛагIлуш хаало пандеми Къилбаседа Кавказехь; Ростовхь ша террорхойн бен Iорабаьккхина боху ФСБ-но; БуьритIехь наркотик лору молханаш а карахь лаьцна вахархо.
Куц-кеп хуьйцуш, пластикан операцеш йина Нохчийчуьра яхархочунна хан тоьхна. Бюджетера ахча лачкъорна, таIзар токху ГIалгIайчоьнан финансийн экс-министр цIахь хан яккха витина, дарбан цIийнера ара а ваьккхина.
Товбеца-беттан 4-хь Австрехь 43 шо долу Нохчийчуьра вахархо верна бехке йина Кадыров Рамзана "Оьрсийчоьнна дуьхьал болх беш йолу" къайлаха сервисаш. И дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо, стаг верна ша бехке вича. Цунна и бехкаш дохкурш бу Европерчу пачхьалкхашкахь беха нохчий.
Кадыров Рамзана Австрин къайлахчу сервисашна бехк биллина нохчо верна; «The Washington Post»: дозанал арахьа нохчийн диссиденташ бойъуш бу киллерша; Къиза зуламаш дан кечвелла ши нохчо лаьцна Украинехь
Нохчийн политикан мухIажар Умаров Мамихан верца доьзна митинг хIоттийнера Венехь; Австрин министро дIахьедина, эвсара таллам беш ду шаьш, Умаров вен хьажийнарш лохуш аьлла; Соьлж-ГIалара Москва лела некъахойн цIерпошт дIайолалур ю еарин дийнахь дуьйна
Товбецан-беттан 7-чу дийнахь Австрерчу Оьрсийчоьнан векалтан гIишлонна хьалха протестан гулам хIоттийра махкахь бехачу нохчаша. ДIадахначу шоьтан сарахь Венехь рогIера стаг шайх вер (Умаров Мамихан) Iаткъинчу гуламхоша бехкейира Оьрсийчоь, Европе киллерш а кхуьйлуш, шаьш хIаллакдеш хьийзарна.
ДаIишхойн могIарш дузарна а, терроризм бакъярна а 8 шо хан тоьхна Нохчийчуьрчу вахархочунна; UFC-н чемпионан Нурмагомедов Хьабибан да ваьхначу юьртан цуьнан цIе тилла хьийза Дагестанехь; Францерчу Лаваль гIалахь нохxийн мухIажаро кIелхьарваьккхина балконах тасавелла францхо
Нохчийн блогер Умаров Мамихан вийна Австрехь Товбеца-беттан 4-чохь. Австрехь шолгIа нисделла Кадыровн критик оцу кепера вер. 2009-чу шарахь Венехь тапча тоьхна вийра Нохчийчоьнан куьйгалхо ларвархо хилла Исраилов Iумар. Умаров Мамихан верах лаьцна шена хетарг дуьйцу Чиллан-баттахь Швецехь ша а тIе.
Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна критика ярца вевзаш хилла Умаров Мамихан (Бек Мартин) вер политикица доьзна ду я дац толлур ду Австрин прокуратуро. Иза вийра Вена гIалин йистехь шоьтан сарахь. Куьгбехке хиларх шеко йолуш лаьцна ву 2 стаг.
Австрехь вийначун хьокъехь ши стаг лаьцна. Ший а Нохчийчуьра веана хилла; бакъонашларъярхоша дехар дина Бастрыкине, Умаева ер тергоне эца аьлла; COVID-19 уьнах велла 5 дархо, ун даьлла 380 стагана
Хьажа кхин дIа а