Советан заманахь цIен диплом а оьцуш, кхиамца чекхъяьккхина бедарш тегаран доьшийла Ниццехь ехачу Дениева Маликас. ХIетахь дуьйна боккха лаам бара цуьнан, зударийн кучамаша тоьгуш, шен долахь ателье схьаелла. Амма, и аьтто белира цуьнан Францерчу Ницца гIалахь.