Ши бутт хьалха, Ниццехь къепедацарш лаьттачу муьрехь, меттигерчу мэра Кристиан Эстрозис наркодиллерш бу, элира, оцу гIалахь беха нохчий. Оцу къамело ша сийсазйо аьлла хетачу нохчийн диаспоро а, къаьмнашна лер харц хетачу Францерчу цхьацца юкъараллаша а кхеле велла мэр.