Дагестан а, ГIалгIайчоь а тIаьххьара мехкаш бу инвесторийн тергаман рейтингехь; Дагестанерчу яхархочунна бер даларна 8 шо хан тоьхна; адвокат: Химки гIалин полицин декъехь ву Навальный
КIиранан сарахь Навальный Алексей лецира Шереметьево аэпропортехь, паспортана таллама бечу чекхволехь. Карарчу хенахь иза латтош ву Москванан гергарчу Химки гIаларчу полицин декъехь.
"Галваьллачунна гечдийр ду, бехкечунна таIзар дийр ду" аьлла Кадыровс; ша вен гIоьртинчарна дайн таIзар дина хиларна реза вац нохчийн блогер; Нохчийчоьнан Iедалша билгалдаккхарехь, регионехь коронавирусан хьал тоделла догIу
ЦIе яьлла мухIажираш-рохинджи бехачу Бангладешерчу лагерехь. 3500 стаг висна, кхерч а боцуш.
Дижонехь хиллачу тийсадаларшна тIехула лаьцна нохчо цIахь вуьтур ву, дIасавалар а дихкина; Терка чуьра чIерий леца вахначун гIуллакх кхеле даьлла; ГIалгIайчуьра почтан гIишло эккхийтинчийн дов хоттур ду
Трамп Дональд дуьххьара ву Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь шозза импичмент кхайкхийна президент. Конгрессан Векалийн палата оцу хьокъехь шен сацам бина яьлла, кхидIадерг къастор ду Сенато, каникулаш а йирзина, Дечкен-беттан 19-чохь иза шен балхана тIейирзича.
Терроризмца боьзна ца хилахь, ТимурзиевгIеран вежарийн декъий дIалур ду аьлла Кадыровс; дахаран хьелаш тIехсов эвсара хиларца билгалъяьккхина Соьлж-ГIала; Оьрсийчу юхавогIуш ву Навальный
Нохчийн дешнийн дукхаллин терахьехь, я, ша аьлча, хандешан а, цIердешан а чаккхенашкахь нийса ца язъеш хаало дуккха а наха. Муха яздан деза дош доьрзуш хеза "-ш" а, "-аш" а? Оцу хьокъехь бу хIара хьехам.
Соьлж-ГIалара Кабилов ницкъахоша вигина бохуш, чIагIдо цуьнан гергарчара; Нохчийчохь вийначу ТимурзиевгIеран шина вешин гергарнаш маьршабаьхна; нохчийн зударшка никIабаш охьаяхийтинчу муфтийгара Межиев Салахьера бехкбаьккхина Британерчу имамо
ХьаьжцIа Iумрат дан баха луучу наха коронавирусах привикаш яйта еза. Al-Arabiya каналца хиллачу къамелехь дина иштта дIахьедар СаIуда Iаьрбийчохь хьаждаран а, Iумратан а хеттарш луьстучу министро Бентен Мухьаммад Салехьа. Карарчу хенахь зиярате эхар "кхераме дац" аьлла, тIетоьхна цо.
Кху деношкахь 25 шо кхечи Радуев Салманан тIемалой Кизляр чубахана; Абдурахманов Тумсона тIелатар динчунна 10 шо, цуьнан декъахочунна 8 шо хенаш тоьхна; Новосибирскехь лаьцна нохчийн криминалан авторитет Бай
Кху деношкахь 25 шо кхечи нохчийн тIемалой Дагестанерчу Кизляр гIала чу а бахана, цигахь тIемаш бина. Уггар а алсам цIий Iанийначу дарех лоруш ду Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу хенахь дина и тIелатар.
Хьажа кхин дIа а