Соьлжа-ГIалахь полицино лаьцна латточу 14 шо долчу йоьIан нанас гIо дехна Кадыровга; кхин а цхьа "хIумахуург" нахалаяьккхина Нохчийчохь; Краснодарехь лаьцна Навальныйн штабан координатор, хьаьвсина цуьнан адвокатан цIийнах
Политикна Закаев Ахьмадна вен кхерам тесна Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан куьйгалхочун видео ю цо пайдаоьцучу инстаграм-агIонехь. Закаеван цIе ца йоккху Кадыровс, амма хьехайо иза веха гIала – Лондон, юьйцу политика караерзийна йолу актеран говзалла.
Тоькан майнинг-къоланаш гучудаьхна Къилбаседа Кавказехь 230 миллион соьманна; Кадыров Рамзанан говраша хьалха санна ца йохьу шайн дена са; ГIалгIайн протестан лидершна ечу кхелехь талламчашна тIе ца тайна полисхо
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн 46-чу президента Байден Джос КIайчу ЦIийнехь болх болийна шел хьалха оцу даржехь хиллачу Трамп Дональдан омранаш юхадахарца.
Амир Бютукаев а, цуьнан тIемалой а байъарх лаьцна дIахьедина Кадыровс; Къилбаседа ХIирийчохь зуда йийначунна 19 шо хан тохар дехна прокуроро; 59% Оьрсийчоьнан бахархой дуьхьал бу "ковид-паспорташна"
Стохка Нохчийчохь лечкъийра Iедална муьтIахь боцу нах, бозуш боцчу блогерийн агIончашна тIаьхьабевлла а лийлира, ницкъбира меттигерчу бахархошна, холмачалла лелийнарш пачхьалкхан телевизионе а балош, цаьрга гечдарш дехийтира.
700 кир кхоьхьу машен дIа ца яхалуш лаьтта Лакхарчу Ларсехь; охьашершинчу лайн тархаш кIел велла гIосалазийн спортан "Домбай" федерацин президент; Столтенберг: Оьрсийчоьнехь дац къастор, хир ю я яц Гуьржийчоь а, Украина а Къилбаседа Атлантикан тIеман альянсехь
Дагестан а, ГIалгIайчоь а тIаьххьара мехкаш бу инвесторийн тергаман рейтингехь; Дагестанерчу яхархочунна бер даларна 8 шо хан тоьхна; адвокат: Химки гIалин полицин декъехь ву Навальный
КIиранан сарахь Навальный Алексей лецира Шереметьево аэпропортехь, паспортана таллама бечу чекхволехь. Карарчу хенахь иза латтош ву Москванан гергарчу Химки гIаларчу полицин декъехь.
"Галваьллачунна гечдийр ду, бехкечунна таIзар дийр ду" аьлла Кадыровс; ша вен гIоьртинчарна дайн таIзар дина хиларна реза вац нохчийн блогер; Нохчийчоьнан Iедалша билгалдаккхарехь, регионехь коронавирусан хьал тоделла догIу
ЦIе яьлла мухIажираш-рохинджи бехачу Бангладешерчу лагерехь. 3500 стаг висна, кхерч а боцуш.
Дижонехь хиллачу тийсадаларшна тIехула лаьцна нохчо цIахь вуьтур ву, дIасавалар а дихкина; Терка чуьра чIерий леца вахначун гIуллакх кхеле даьлла; ГIалгIайчуьра почтан гIишло эккхийтинчийн дов хоттур ду
Хьажа кхин дIа а