Нохчийчохь Псковерчу десантхошна тIелатар дарна бехкевина Ганиев Рустам. Ларамаза нисвелла, боху, Джумаев Навальныйн акцехь. Путинан ю боху шахьар, совдегарийн ю аьлла Кремло
Нохчийчохь тIемалойн тIаьххьара бисна бен бохийна ша аьлла, кху деношкахь дIахьедира мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо чIагIдарехь, тIаьххьарчу леринчу операцехь ницкъахоша вийна тIаьххьара бухависна хилла ялх тIемало, шайлахь эмир Бютукаев Аслан а волуш.
Оьрсийчоьнан Iедалхошка дехар дина нохчийн цIарах Думерчу депутато, Британига Закаев схьавеха аьлла; Бютукаевн гIаттамхой ФСБ-на тIелата дагахь хилла, боху; Москварчу акцехь омонхошна дуьхьал летта жима стаг лоьху Делимхановс
Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министре Лавров Сергейга а, Инарла прокуроре Краснов Игоре а дехар дина пачхьалкхан Думан депутато Саралиев Шамсаила, нохчийн оппозицин политик Закаев Ахьмад Британига схьавеха аьлла.
Оппозиционерна Навальный Алексейна гIело йо бакъдерг дийцарна, президента Путин Владимира шен ницкъаш арабаьхна шегара юьйлу харцонаш Iора ца яккхийта, бохура шоьтадийнахь Австрин коьртачу шахьарахь Венехь хIоьттинчу Оьрсийчуьра схьабевллачу нехан диаспорийн гуламо.
Соьлжа-ГIалахь полицино лаьцна латточу 14 шо долчу йоьIан нанас гIо дехна Кадыровга; кхин а цхьа "хIумахуург" нахалаяьккхина Нохчийчохь; Краснодарехь лаьцна Навальныйн штабан координатор, хьаьвсина цуьнан адвокатан цIийнах
Политикна Закаев Ахьмадна вен кхерам тесна Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан куьйгалхочун видео ю цо пайдаоьцучу инстаграм-агIонехь. Закаеван цIе ца йоккху Кадыровс, амма хьехайо иза веха гIала – Лондон, юьйцу политика караерзийна йолу актеран говзалла.
Тоькан майнинг-къоланаш гучудаьхна Къилбаседа Кавказехь 230 миллион соьманна; Кадыров Рамзанан говраша хьалха санна ца йохьу шайн дена са; ГIалгIайн протестан лидершна ечу кхелехь талламчашна тIе ца тайна полисхо
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн 46-чу президента Байден Джос КIайчу ЦIийнехь болх болийна шел хьалха оцу даржехь хиллачу Трамп Дональдан омранаш юхадахарца.
Амир Бютукаев а, цуьнан тIемалой а байъарх лаьцна дIахьедина Кадыровс; Къилбаседа ХIирийчохь зуда йийначунна 19 шо хан тохар дехна прокуроро; 59% Оьрсийчоьнан бахархой дуьхьал бу "ковид-паспорташна"
Стохка Нохчийчохь лечкъийра Iедална муьтIахь боцу нах, бозуш боцчу блогерийн агIончашна тIаьхьабевлла а лийлира, ницкъбира меттигерчу бахархошна, холмачалла лелийнарш пачхьалкхан телевизионе а балош, цаьрга гечдарш дехийтира.
700 кир кхоьхьу машен дIа ца яхалуш лаьтта Лакхарчу Ларсехь; охьашершинчу лайн тархаш кIел велла гIосалазийн спортан "Домбай" федерацин президент; Столтенберг: Оьрсийчоьнехь дац къастор, хир ю я яц Гуьржийчоь а, Украина а Къилбаседа Атлантикан тIеман альянсехь
Хьажа кхин дIа а