1994 шеран ГIуран-беттан 31-чу буса тIеман кIуьрла ерзийра оьрсийн эскарша Соьлжа-ГIала. Оццу муьрехь, вела а къежаш, пачхьалкхерчу бахархошка, ирс а, машар а хуьлда шуна, бохура президента Ельцина. ТIедогIучу шарахь Нохчийчохь "меттахIуттур ду маьрша дахар", аьлла хетара цунна.