Басаев Шемилан а, Хаттабан а тобанашлахь хилла ву аьлла, ши стаг лаьцна; колонехь вийна карийначу Тунтуев Аюбана 100 эзар евро компенсаци кхачийна; ГIалгIайчуьрчу "Э" Центран хилла хьаькам верна лаца кхайкхийна кхо стаг
Холмачалла лелочу зудчуьнгара бехкаш даьхна Нохчийчохь; масканаш лелор махкахь юкъарадаьккхина; видеокамераш хIиттон дагахь бу Соьлж-ГIаларчу школан классашкахь
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана динчу дIахьедаршна тIехула Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан кхело гIуллакх листа дуьхьалоярна мехкан Лакхарчу кхеле апелляцин латкъам хьажийна бакъоларъярхоша
Къаьркъа мелла каравеана стаг "хIаллаквийр" ву аьлла Висмурадовс; Бельгехь нохчашлахь талламаш бина; полицин белхахошна дуьхьлойинчарна гIуданаш совдаьхна Думан депутаташа
Новгородехь лачкъийна вигинчу нохчийн шина кIантана адвокаташ а, лоьраш а гергарнаш а тIебита аьлла, Оьрсийчоьнна тIедиллина Страсбургерчу адамийн бакъонийн кхело. Церан могашалла а, дахар а кхерамечу хьолехь хилар бакъдина кхелахоша.
Страсбургехь веха Садуев Илес Оьрсийчоьне дIавала кечвеш ву; Новогородера Нохчийчу лачкъийначу шинна лоьраш а, адвокаташ а тIебита аьлла Оьрсийчоьне Европан кхело; Путинехьа хIоттийначу акцехь хиллачарна критика йина жигархо Iедало тIпекхайкхинера
ЦIердашна тIехьа «а», хандашна тIехьа «а» я «у» маца яздан деза? Дукха нислуш долу гIалат ду иза вайн йозанехь. Амма хала дац цунах йолу бакъо йовза а, дагахь латто а.
Бютукаев Асланан тобанхошца хилла ву аьлла, бехкевина Новгородера лаьцна валийна ши кIант; нохчийн Iедалхойн дехар кхочушдийр дац Британино; студенташна а, дешархошна а гаджеташ доьшийлашка кхехьар дехка хьийза Калиматов.
Нохчийчуьрчу гIелонах ведда лела ши жима стаг лаьцна юхавигина махка; Къилбаседа Кавказан кхаа махкахь массанхьачул а чехка ду белхазаллин болар; Оьрсийчуьра "Спутник V" вакцина хьалал ю боху иза кхоьллинчара
Лаьцна кхобу Оьрсийчуьра оппозиционер Навальный Алексей сихонца дIахеца веза. Иштта аьлла Пачхьалкхан департаментан белхахошца къамелдеш Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Байден Джос.
Нохчийчу еана "хIумахуург" емалйина "Грозный" телеканалехула; зIенан оператораш декхаре хир бу ницкъхошна шайн абонентийн геопозици йовзийта; Навальныйца доьзна Конгрессе санкцеш кхайкхор дехна сенаторша
Палестинахочунна Моур Баракатна хьоме, дагна герга хIусам ю Урданан Малхбузерчу бердан терхешца лаьтта хьех. ДIалецначу латтанашна тIехь йоцу кхерамзалла латтайо шайна хьехо, боху цо.
Хьажа кхин дIа а