Нохчийн «Ахмат» декъан тIемалоша нах бехачу цIа чохь эккхийтар дина Белгородехь: эскархойх цхьаъ велла, веанна чевнаш йина. Стенна латтош хилла цигахь тIеман гIирс, хууш дац, и бахьана долуш йаьлла цIе, йздо Astra телеграм-канало.
Подмосковьехь лаьцначу Дагестанера вахархочо дIахьедина, полисхоша электрошокерца а, гIожаца а хьийзийна ша аьлла. Цкъачунна хууш дац, таллам болийний полисхойн хьокъехь, амма и гIуллакх шуьйра даьржина хиларна, цуьнан терго йан боьлла хьаькамаш а.
Оьрсийчохь уггаре а лахара зуламаш дина регион йу Нохчийчоь, йаздо чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло, 2024-чу шеран лерина статистикан терахь а далош.
Нохчийчоьнан Ӏедалхойн куьйгакIел болчу пачхьалкхан а, бюджетан а белхахоша а, интернет-боташа а 2024-чу шарахь инстаграмехь а, телеграмехь а йитина 60 миллион гергга "комментарий".
2024-чу шеран тIаьххьарчу деношкахь хиъна Украинерчу тIамехь веллачу къилбера а, Кавказера а, 44 вахархочух. Тхан редакцино зераш деш ду тIом болабелчхьана. Бакъдолу терахь дуккха а лакхара хила тарлуш ду. Iедалхоша и ларарш къайладаьхьна.
Нах дIасалелон «Азербайджанан авианекъийн» кема доьхначух тера ду Нохчийчоьнна тIехула тоьхначу ракето. ХIара видео зорбане йоккхучу йукъанна официалехь бохам хиларан бахьанаш дийцина дац, гIуллакх толлуш ду хIинца а.
Соьлж-ГӀала доьду пассажийрин кема чудожар, Кадыровс шен доьзална а накъосташна а совгӀаташ далар, Бостон-марафонехь теракт йарна бехкевинчу Царнаевн Байденс кхел тӀечӀагӀйар – цунах а, доцчуху а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 95-чу подкастехь.
Республикера полисхой а, тIеман инструкторш а Шема бахийта тарло аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Цо ишта хьехна Iедале йеана «Хьайят тахрир аш-Шам» тоба террорхойн организацийн тептарера дIайаккхар а.
Зударшна а, божаршна шайна-шайна къаьстина аптека схьайиллина Нохчийчохь. Фирман долахо Кадыров Рамзанан йоIаца йоьзна йу. Darba Pharmacy схьайелларах хаийтира Нохчийчоьнан куьйгалхочо гIадужу-беттан 14-хь. Цул а хьалха регионехь дIакъевлира 55 аптека – низамаш ца лардина аьлла.
Москвара пачхьалкхан университетан дешархочо "Ахмат" полках "тикток-эскар" аьлла, цул тIаьхьа гечдар а доьхуш. Университете вахана хилла спецназан командир Алаудтнов Апти.
30 шо хьалха болабелира Нохчийчохь хьалхара тӀом. 1994-чу шеран гIуран-беттан 11-чу дийнахь Оьрсийчоьнан президентан Ельцин Борисан омрица республике чуйеара оьрсийн тӀеман техникан ковранаш, "конституцин къепе меттахӀотто" дохку шаьш аьлла.
КIирандийнахь, гIуран-бетта 8-хь гIаттамхоша президентан Башар Асадан Iедал доха а дина, Димашкъа схьайаьккхина шаьш аьлла дIахьедар динчул тIаьхьа, Шеман коьртачу шахьарахь герзаш дуьйлуш хезира, даздарш дара дIахьош.
Хьажа кхин дIа а