ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу интернатехь бершна тIехь ницкъбар бакъ ца дина


Сотрудник полиции
Сотрудник полиции

Хьекъална тIаьхьадисина бераш латточу Троицкерчу интернатехь йоIа кIентан легаш Iуьйдуш яьржийначу видеона тIехула талламаш бина хилла ГIалгIайчуьрчу прокуратурано. Цо тIечIагIдарца, ролика тIера ший а оцу хIусамехь лелош берш бу. Социалан машанашкахь интернатан белхахочо берана тIехь ницкъбина бохуш дийцар бакъ ца карийна. Талламан гурашкхаь интернат-цIийнерчу доллу берех а цхьана бина таллам, дуьйцу.

"Интернатехь Iалашдечу берийн могушаллина зен дина меттигаш бац", - аьлла прокуратуран пресс-гIуллакххоша Товбеца-беттан 1-чохь.

Де хьалха ГIалгIайчуьрчу берийн омбудсмено Чахкиева Заремас дIахьедира, ша интернатехь хиларх а, верасаллехь долчу берашна тIехь Iаржъелла меженаш шена ца хааяларх а.

"Директора а, цигарчу белхалоша а дийцарехь, бераш ловзуш хилла. Уьш башха бераш ма ду. Дукха хьолахь дера хуьлу уьш, цаьрца къажа а къежна хила ма веза. Дарба деш ду оцу берашна цигахь, лерина препараташ ду царна луш", - аьлла, дийцина Iораяьллачу видеох "Аргументаш а, факташ а" газете Чахкиевас.

Кху деношкахь Троицкерчу берийн цIийнан-интернатан хиллачу белхахоша "Совершенно секретно" редакцига дийцира, оцу доьшийлехь кест-кеста берашна етташ хиларх. Масала, хааме даьккхира, дукха хан йоццуш 13 шо долу Санкт-Петербургера Скавронский Алексей ша шена чевнаш ян гIоьртарх, шена тIехь латтон Iазап ца лайна.

Оцу юкъанна берийн цIийнан директора Мальсагов Хьамзата дIахьедира, берашца шогалла лелайо бохург бакъ дац, ша "директоран гIентара вохон Iалашонца буьйцуш гIучIа бу и" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG