ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь лаьттах доьллина герз карийна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Соьлжа-ГIалин йистехь карийна артиллерийн хIоьънаш а, минаш а, гранатометаш а шаьш лелхийтарх дIахьедина Росгвардино. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахошца юкъахь дIаяьхьна ю и операци.

Байсангуран кIоштарчу хьуьнан йистехь хааеллера и къайле. 70 сов тIеман гIирс бу лаьттах боьллина берриг а карийнарг.

Бакъоларъяран органаша мах хадорца, масийтта шо хилла, и гIирс лаьттах боллу, яздо "Кавказский узел" гIирсо.

Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь Дагестанехь карийра лаьттах доьллина герз. 12 гранатомет а, Калашниковн йоккха топ а, куьйгайина лоьлхуьйтурш а, шеца 200 грамм тротил долуш яра царех цхьаъ, пхи граната а, электродетонатарш а, 13 эзар сов патарма а.

Цул а хьалха ГIалгIайчохь карийра хьулдина герз аьлла, дIахьедира республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалло.
Хьаннашкахь дIайиллина хиллера РПГ-18 гранатомет а, Ф-1 ши граната а, ВОГ-25 олу гаьргийн гранатометан хӀоъмолха а, АК-74 атоматан патармаш а, 5,45 мм калибран 179 патарма а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG