ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

23 шо хьалха стаг лачкъийна хилла аьлла шеконевиллинарг лаьцна ГIалгIайчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

1998-чу шарахь Къилбаседа ХIирийчоьнан вахархо лачкъийна хилла цо аьлла, гIалгIайн Троицкое эвлара 54 шо долу Кациев Юнус лаьцна шеконашца. Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан коьртачу урхаллан белхахошца цхьана Къилбаседа ХIирийчуьрчу полисхоша лаьцна иза. Леринчу операцина юкъаозийна бара Росгвардин полисхой а цхьана, делахь а, ша лоцучу заманчохь дуьхьало йина яц Кациевс.

Оперативан информацица, нах лечкъош, цаьргара бертаза ахчанаш дохуш лелачу регионашна юкъарчу ялх стагах лаьттачу тобанехь хилла ву иза.

1998-чу шарахь шен накъосташца цхьана Къилбаседа ХIирийчуьра вахархо вадийна хиллера цо, цуьнан гергарчаьргара цхьа миллион долларшкахь ахча даккхархьама. Шаьш боьхучу механ ах каракхаьчча, йийсарера маьршаваьккхинера иза. Кациев оцу зуламна гунахь хилар гучуделира масех шо даьллачул тIаьхьа, 2004-чу шарахь федералан лехамашка а ваьккхира иза.
Оцу тобанан вукху декъахошна кеп-кепара хенаш йиттира набахтехь яккха.

Чиллан-баттахь БуьритIерчу 41 шо долчу Оздоев Мохьмадна ворхI шо туьйхира колонехь даккха, 21 шо хьалха нах лечкъорна. 20 шарахь Адыгейхь харц кехаташца лечкъина ваьхна хиллера иза.

Стохка Зазадокху-баттахь 23 шо хьалха оцу кепарчу зуламна бехкевина Къилбаседа ХIирийчоьнан Пригородный кIоштарчу Тарское эвлара Чаниев Хьамзат а гучувелира. Шен юьртахо лачкъийначу цунна колонехь даккха пхи шо хан кхайкхийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG