Карарчу хенахь Норвегехь вехаш волчу Масхадов Анзора шен да вовзуьйтуш керла книга арахецна. Муха дагадеанера хьуна иза, аьлла, дуьххьара хаттар дина, оха къамеле ваьккхинера книжкан автор.
Сан да вийча, пхи шо хьалха, кхийтира со хIинца-м хан ю цунах лаьцна яздан, аьлла. Цунах лаьцна яздан лиира суна
Масхадов Анзор: И книга язъйийр ю аьлла, суна дагадеан дуккха а хан яра. Ма-дарра аьлча-м, дуьххьарлера тIом болабелча, цхьацца хIуманаш дIаяздеш, хиларг муха хилла а, иштта сайна хуург а ас дIаяздеш дара. Ша долу а кехат, ас гулдина долу - дайра, зачисткаш олу-кх вай, юрта баьхкича салтий, гIазакхий, цара и кехаташ а, хIуманаш а ша-йериг а дIаяьхьира. Шортта книгаш яра тхан чохь. ТIаккха сан да вийча а, пхи шо хьалха, кхийтира со хIинца-м хан ю цунах лаьцна яздан, аьлла. Цунах лаьцна яздан лиира суна. Стенна аьлча, вайна ма-хаарра, цхьаммо террорист ву олуш, вукхо - экстремист ву олуш, цIе а кхуллий, дуьйцуш хIуманаш дара шортта, тахан а дуьйцуш ду уьш...Царан дуьхьал, аьлла а, тIаккха нахан иза вовзийта а, стенна аьлча, ас чулла дика иза цхьаммо а эра дац - иза муху ву а, цунан гинарг а, цунан лиънариг а - тIаккха цу хенахь дуйна а, иштта пхи шо хьалха дуйна а дIаволавелира со, яздеш а, цхьацца информаци гулайеш а, нахаца вовшахветталуш а, цуьнца хьалха Советан эскарехь хилларш а - гIазакхий а, украинхой а, осетинаш а, нохчий а - цаьрца иштта къамелаш а деш, гулйинера ас информаци. Кхун шарахь араяьлла иза. Суьрташ а ду цигахь, цхьацца долу даьхна, цхьанинан а ца гина суьрташ а ду. Цу юккъе Iотта бийзира-кх и тIом а, и политика а, вайн къам хIаллак дина йолу политика. Иштта оцу хIумнех лаьцна ю-кх и книга.
Маршо радио: Мила вара хьуна гIо динарг аьлла дара тхан рогIера хаттар.
Масхадов: Кхузахь Норвегин организаци ю - Свобода слова хуьлу-кх иза перевод йича. Цаьрца вовшах а кхетна, цхьа къамел хилира. Шаьш гIо дийра ду. Ахь хIоттинчу планаца ахь язъяхь- шаьш гIо дийра ду хьуна, аьлла. Цара суна гIо а дира. Вовшахтухуш а, тIаккха перевод йинарш уьш бу. Цара ара а яьккхина иза. Массийта эзар экземпляр тираж а ю цуьнан. Юха а хIинца цхьа-ши эзар араяккха йезаш а ю.
Маршо радио: Ше ден дакъа хIинца а схьа ца луш латтор а иштта тидира Масхадов Анзора.
Масхадов: Церан иштта политика ю иза. ГIазакхийн пачхьалкхан политика. Цера боьха политика ю. Сан да а, кхин бериш а - дуккха а нохчи бу тахана дIабалаза. Къизалла ю иза. ХIинца дукха хан йоццуш цхьа саммит яра-кх Бакох, динан лидераш баьхкина... Цига обращени яхьийтира оха. ГIазакхашка дист а хилий, маьлла боьху хIума ду аш дийриг, цхьана а религехь доцуш долу хIума а ду хIара, алий...ЦУ юкъахь кхин болу нах а бара. Грузехь Патриарх ву, чIогIа лоруш стаг, воккха стаг ву иза... Цуьнца къамел хилира сан. Цо иштта а дериг элира-кх, цхьана а хIуманах оза а ца луш, иза чIогIа религехь догIуш хIума дац...Иза гIазакхаш вуо деш ду, бусулба хилча а, керст хилча а.
Масхадов Аслана гергарчу наха а, дуьненахь дика бевзаш болчу векалша а, иштта дIадехахь а, Нохчийчохь президент лаьттинчу стеган дакъа, дино ма-баххара, дIадерзо дIа ца луш, хIинца а латтош бу Оьрсийчоьнан куьйгалхой.