Ставрополь-гIалахь и эккхийтар дина массех де даьлча а цигахь баккъалла а хилларг ма-дара хууш дац. Шеко а йоцуш, хууш дерг ду хIара хIума. ДIадаханчу кхаарийн дийнахь и эккхийтар хиллера «Аквариум» цIе а йолуш, гIалин юккъехь лаьтташ йолчу кафена хьалхаа. ОьккхухIума мутт лелош долчу кехатан гIуткхана чуйоьллина хилла. Цундела, цхьаммо а тидам а ца бина цунна. Ткъа, оцу кафен юххьехь ду чохь концерташ хуьлуш долу цIа а.
Вийна ворх стаг ву, ткъе иттех сов – лазийна а ву. Цаьрна юкъахь бу Нохчичуьра бахархой а.
Нохчийчурачу «Вайнах» ансамблан хелханчаш дIабуьйлабала пхийттехь минот йисина а йолуш, и эккхийтар дина.
И йоккха гIовгIа яьккхина дов хIинца талла долийна ду Ставрополехь. Хьалхуо масех хаам хиллера, цунна бехке а бина дIалийцина нах бу, бохуш. Уьш ГIалгIайн махкара лоруш бара. Амма, тIаьхьуо и хаамаш харц бира талламхоша. ГIалгIайчурчу Iедалхоша а хIинца къобал деш дац шаьшдолчохь дIалийцина нах бу, бохург...
Къилбаседан Кавказан федералан гонехь Оьрсичоьнан президентан векал волчу Хлопонин Александара дIадаханчу пIераскана-дийнахь дIахьедар динера, и гIуллакх сихха талла а деза, зуламхой цига тIебитина болу милцой жоьпе озо а беза, аьлла. Цара шайга ларйе, аьлла, дIайелла хилла йолу меттиг ма-оьшшура ларйина хиллехьара зуламхой дIалийцина хир бара, аьлла, хеташ ву Хлопонин.
Амма, цо а, кхечу Iедалхоша а цхьацца хаъамаш беш белахь а, ша и гIуллакх теллина даьлла ац. Цхьаболу зуламхой дIалийцина бу, бохуш баьржина хаъамаш а бакъ хуьлуш бац. Уьш харц бина хIинца ГIалгIайчурчу Iедалхоша а, шаьш талламхоша а.