ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен БерхIийтта Шо Кхачар Даздеш ю ГIалгIайчоь


Шен БерхIитта Шо Кхачар Даздеш ю ГIалгIайчоь-Юнус-Бек Евкуров
Шен БерхIитта Шо Кхачар Даздеш ю ГIалгIайчоь-Юнус-Бек Евкуров

Республика юхаметтахIоттийна 18 шо кхачар даздан долийна ГIалгIайчохь. Кхайхкина дукха хьеший а болуш, ловзаргаш а мехкан той а доуш хира ду боху, мокъа дела долу пIераскан а, шоьтан а ши де. Амма, юккъараллехь хаьлха санна самукъадолуш тIеоьцуш дац, муьлха а даздарш. Бахьан-хала долу дахар а, махкахь йоцу паргIато а.



ГIалгIайн республика, Оьрсийчохь йолчу кхечу регионашца, дукха хIуманна тIехь, хьалхара меттигаш дIалоцуш ю. Уггаре къона а, уггаре а дукха бераш дуьне чудовлуш ерг а, уьш балар тIехь а, белхан меттигаш йоцуш ерг а, федерал бюджетах уггаре а чIогIа йозуш ерг а ишшта кхин дIа а. Амма, и юхькъаме доцу хIуманаш дуьйцуш дац. Даздеш ду республика юха метта хIоттина 18 шо кхачар. 1992 шарахь, Оьрсийчоьанан Лаккхарчу Кхеташоно низам тIеэцнера, пачхаьлкхана юккъехь, ГIалгIанй республика кхулла, аьлла.

И де лоруш, шина дийнахь даздарш ду махкахь дIакхайкхийна. Массо а ярташкахь а, гIаланашкахь а, арахь а даздарш дIахьуш ду. Магас-гIалахь официала декъехь совгIаташ а, мидалш а дIасайийкъира республикан пачхьалкхалла юхаметтахIоттош льаттинчаьрна. ТIебаьхкина хьеший а бу, уллерачу а, геннарчу а дозан арахьара. Шоьта-дйинахь Несара-гIалан йистехь, даздаран тогIе олучу меттехь, дIахьура ду, мехкан той.

Даздаран хьокъехь вистхуьлуш, ГIалгIайнчоьнан президента Евкуров Юнус-Бека, дIахьедар дина, хIокху деношкахь дикачух а, хазачух а дийца лууш ду аьлла, амма, цо тидам бина, къоманна уггаре а Iаьржа а, бохаме а денош дицдеш дац аьлла. Оцу хIумано республикан кхиаман нийса стратеги кхуллуьйта, аьлла, хета цунна.

Тахана могIарерачу гIалIгайн дог-ойла муха ю? Цара муха тIеоьцу и де? Цуьнах лаьцна Маршо радионо хаттар делира Несар-гIалахь вехачу ИбраьхIим цIе йолчу стаге. Цо ишшта мах хадира:

«ГIалгIайн республика юхаметтахIоттина 18 шо кхаьчна. Iедалан балхахь болчерна мукъа денош делла. Концерт а хир ю боху. Ишшта хIуманаш лело дагахь-м бу хIорш. Шайн болх беш болу нах, базаршкахь а, таксисташ а , ша-верриг а шен балхахь ву. Цхьанха а балхахь а, некъахь а боцурш, масала сан лулахой санна берш. Уьш сатасале гIовтта а гIоьвттина, даздарш ду, аьлла, (кхузахь маларш а ма даций духкуьйтуш), луларчу ХIирийн махка бахана малар эца. Кхин хIара ду аьлла, билгалдаьлла де-м дац хIара. Iедалан урхаллашкахь а, дакъошкахь а, цхьаъ лелорриг хир ду-кх кхара».

Даздарш гIалгIаша хаза а хеташ дIахьора, ткъа, ишштачу дийнахь, дерриге а къам сакъоьруш хуьлура. ХIинца иза дац, элира ИбраьхIима:

«10-12 шо хаьлха, суна дагадогIу, Аушев Руслан президент волчу хенахь, арахь хохкуш говраш а йолуш хума дора. Ишшта, бIов а йолуш, цхьа меттиг ю кхузахь, цигахь дезчу денна лерина митинг а йора, оьрсийн маттахь ма-аллара «праздничные гулянье» а хуьлура, ловзар а дора. Тахана гIалгIай баланехь ма бай. Хьалха санна самукъадолуш бац хIорш. ХIинца лелош дерг, оьрсийн маттахь «для галочки» ма аллара ду-кх».

Несар-гIалахь вехаш дукха хан ю ИбраьхIим, цундела, юккъараллин дахар олуш ма хиллара, шен кIоргаллийца девза цунна. Хьалха санна, нехан бIаьргаш а дац ирс сов даьлла къегаш, аьлла, тидам бира цо».

«Тахана, муха эра ду хьуна аьлча, нохчий тIом а баьлла кхуза схьабаьхкинчу хенахь, дукхах берш оцу балано кIел битина, гIийла а , миска вара. Карахь доцуш а хуьлу, тIехь доцуш а хуьлу. Массо а хенахь паргIат Iен Iеминчу нахана, ишшта шайна тIе веана стаг гIийла хетара, цецволура цуьнах, иза ледара хетара, иза дIа а тоттура. Ткъа, тахана, шаьш лелийнарг нийса доцийла царна хууш дуйла, гуш ма дай. Царна шайна тIехь а бу хIинца и бала, иза бацахьарий бакъхьа-м дара. Цхьана нохчашка хьоьвзина болу бала, цаьргахь биснехь иза ишшта хир дацара, амма, иза суьлишкахь а, гIалгIашкахь а, хIиришкахь а, кхечаьргахь а бу. Ерриге а Кавказехула дIасабаьлла и бала. Тахана и тIом бу, цуьнах кхоьруш а бу, нохчаша лелийначух кхета а кхетта. Хьалха санна и дезде ду, аьлла, цхьа а самукъадолуш вац. ДIаяьлла и хан».

Официалан хьосташа а, оьрсийн историкаша а бахарехь , 17-чу бIешарахь, гIалгIай, оьрсшка дехар а дина, Оьрсийчоьнан юккъе бахана бу. ХIинцалц, шаьш Совета Iедалца а, юха цул тIаьхьа Оьрсийчоьнца а, оьмаршкахь хир бу бохуш чIагIдинехь а, гIалгIаша иза ца боьвлачу декъана дина. Кхин церан дан хIума дацара, аьлла хета ИбраьхIимна:

«Мичча а хенахь цара иза дийцинехь а, оьрсашца, даггар Iен лууш уьш бацара. Вайца дIабохийна а бу уьш, вай бусулба дин а лела дайтина цьарга. Тахана Оьрсийчоь йоцуш хилча, ца мегаш бац хIорш. Кхеран хьал вайчулла а чIогIа телхина ду. Кхузахь латта кIезга ду. Уггаре а тоьлла йолу меттиг а, латта а хIириш дIальцна ю. Ах миллион сов бу гIалгIай.

Оьрсийчоьно луш соцпакет а ю, пенсиш а, пособеш а ду. Нах болуш бу, оьрсийн оцу идеологин тIе а вахна, цаьргахьа а бирзина, шен къам цIарах даьгча а бен дIа а ца хеташ, шай белхан меттигаш а, Iедалца йолу юкъметтиг а гал ца яьлчхьаний бохуш. И тайпа нах болуш бу. Нохчашна юккъахь а бу, гIалгIашна юкъахь а бу, Совета пачхьалкхехь мел хиллачу къомана юккъехь болуш бу уьш».

1921 шарахь, ГIалагIайчоь, Ламанхойн республикан юккъехь яра. Кхо шо даьлча, иза къаьстина ша ГIалгIайн автономин кIошта аьлла хилла. 1934 шарахь, Нохчийн а, ГIалгIайн а республикаш цхьана а тоьхна, автономин кIошт йина, кхиъ ши шо даьлча, цуьнах, автономин республика йира.

1944 шарахь, иза йохйира, вайнехан къам шен латтана тIера дохйиначулла тIаьхьа. 1957 шарахь Нохч-ГIалгIайн автономин республика юхаметтахIоттийра. 1992 шарахь бен, ГIалгIайчоьно, Оьрсийчоьнна юкъахь,бакъйолу субъект а хилла, дIа ца хIоьттина.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG