ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен Йишех Бекхам Беш, Полисхо Вийна Кхарачой-Чергазийчура Вахархочо


Оьрсийчоь - Кхарачой-Чергазийчоь
Оьрсийчоь - Кхарачой-Чергазийчоь

Машенан бохамехь шен йиший, нуцций дерна бехке хета стаг вийна Черкесскехь, Кхарачой-Чергазийчура вахархочо. Ша динчунна дохко ваьлла иза. Делахь а, некъан бохаманна бехке верг полисхо хиларе терра, цунна догIу таIзар дийриг хиларх боцчу тешамна йина ша куьгбехкечунна тIехь кхел, аьлла бекхам бинчо. ХIун бахьана ду Къилбаседа Кавказерчу наха кхелашкахь нийсо ца лахаран? ХIунда йо шайггара кхелаш?


Дечкен беттан ткъе пхоьалгIачу дийнахь Черкесск-Домбай новкъахь Lifan Breez машенахь хахкавелла вогIуш хиллачу Щеглов Александра шен машен тоьхнера, дуьхьала богIучу новкъахь йогIуш хиллачу, халкъалахь «копейка» олучу, машенна тIе. Цу чохь вогIуш хилла 27 шо долу Сарыев Мурат реанимацехь велла дукха хан а ялале, ткъа цуьнан доьзалхочух хилла 23 шо долу хIусамнана Фатима эццехь дIаяьлла. Щеглов а, цуьнан ши накъост-полисхо а дарбан цIийне кхачийнера.

СарыевгIара дIабоьхкина масех де даьлча вахана Фатимин ваша Айбазов Мурадин, шен йишех бекхам бан. Дарбан цIийна кхаьчча, ша талламхо ву аьлла, Щегловн дега аравалар а дехна, маситтаза урс тоьхна цо, ша висинчу полисхочунна. Дийцарехь, Айбазов тешаш ца хилла, полисхо волчу Щегловн хьокъехь бехк-такхаман гIуллакх долорг хиларх а, бакъ-нийсий къасторг хиларх а. Гуттар а иза оьгIаза вахийтинарг хилла, бохам хуьлчу муьрехь, полисхой мелла а болуш, машенаш сиха хахкарх къовсабелла хиларх.

Дарбан цIийнахь Iуьллуш хилла полисхо Щеглов Александр, некъан бохам ма-хиллина, балхара дIаваьккхина хиллера. Делахь а, юха а аттестацех чекхваьллачул тIаьхьа, юхаметтахIоттон везаш вара.

ХIун бахьана ду, кавказахоша шайггара кхелаш яран?

Цкъа делахь, царна нийсо ца карайо оьрсийн кхелашкахь. Къаьсттина, бохаман цхьа агIо карахь ницкъ болуш нислахь. Толам, догIуш ма-хиллара, цуьнгахьа хуьлу.

Бусулба дине а диллина къастичи, шарIан кхело къастон деза бакъ мила ву а, харц мила ву а.
Нохчийчура имама ШахIид-Хьаьжас дийцира Маршо радиога, шеггара кхел яр магош дац бохуш:

ШахIид хьажа: Сийлахьчу КъурIанна тIехь билгалдаьккхина ду вай дан дезарг, Дала вайна билгал дина а ду. Нагахь санна вер-ваккхар нисделлехь, иза хаа а хууш динарг а хуьлу, цу хууш динарг а хуьлу – шарIо къастон дезаш ду. Стага ша шеггара кхел ян мегаш дац. ШарIо и стаг тIе а воьхий, кхел шеггара йина хиларан бахьана къастадо. Нагахь санна иза тIехвийлина каравахь, бехк цуьнан хуьлу. Цундела, иза вайгахь дац, Делан шарIехь ду.

Кавказхой Оьрсийчура кхелашка хIунда ца бовлу аьлла деллачу хаттарна, доцца жоп делира:

ШахIид-хьаьжа: Цатешам бу, кхин дан а дац.

Шен йиша а, нуц а дерна бехке а вина, шеггара йинчу кхелаца полисхо Щеглов Александр вийначу Айбазовна кхело кхайкхор ерг, мел лаххара а, набахтехь яккха пхийтта шо хан ю.

Оьрсийчоь -- Калоев Виталий шен доьзалан коша хьалха, 16Дечк2008
Оьрсийчоь -- Калоев Виталий шен доьзалан коша хьалха, 16Дечк2008
Айбазов дуьххьара вац Кавказехь шеггара кхел йинчех. Масех шо хьалха дуьненна гIаравелира Къилба-Седа ХIирийчура Калоев Виталий. Цо урс диттина вийра, шен зудий, ши беррий тIехь хилла кема чудожарна бехке лерина Швейцарера диспетчер Нильсен Петер. Швейцарерчу Iедалша 8 шо хан кхайкхинера цунна набахтехь даккха. Хенал хьалха набахтера ара а валийтина, Швейцарино цIавахийтина Калоев веза турпалхо санна тIеийцира хIираша.
XS
SM
MD
LG