ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маситта эккхийтар дина Украинерчу Днепропетровскехь



Мел лаххара а 4 эккхийтар дина ПIераскан дийнахь Украинехь Днепропетровскехь. Iедалша бинчу хаамца, лазийна ву 27 стаг. И бахьана долуш чIагIйинчу рожехь болх беш ю меттигера ницкъаллин структураш.

Полицино шен Iуналле эцна гIала чу а, ара а довлуш долу некъаш. Днепропетровскерчу прокуратуро бехк-такхаман гIуллакх схьадиллина терроран тIелетарш дина, аьлла. Бахархой лар бан дезаш дерг дийцаре дан вовшахкхеташ ю Украинан Лаккхара Рада.
XS
SM
MD
LG