ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьрзуш долчу кΙирано дахаре кхачийна хиламаш


Карта - Къилбаседа Кавказ
Карта - Къилбаседа Кавказ

Москохахь шарΙ кхелаш юкъаяха еза аьлла волу Хасавов ведда Оьрсийчуьра. Нохчийчоьнан муфтият шех дΙакъаьстинчу Къилбаседа Кавказан бусулбанийн урхалле юха а хаьржина кхарачо Бердиев ИсмаьΙал. Къилбаседа Кавказан а, Къилбан а федералан гонаш цхьаьнатоха тарло.


Даима а санна, хилларш туьдуш ю Кавказ толлуш зеделла йолу ингалсхо, журналист-эксперт Карлсон Элизабет.

Карлсон: «Нохчийн администрацин хьалханчас Кадыров Рамзана а, Нохчийчоьнан муфтис Мирзаев Султан-Хьаьжас а луьра хΙуй кхайкхийна Оьрсийчохь шарΙан кхелаш яхка еза, иза пайде хир ду Оьрсийчуьрчу кхелашка тешам боцчу бусулба нахана, аьллачу Хасавов Дагирна».

ХΙинццалц схьа Москохахь вехаш а, болх беш а хиллачу Хасавовс дина къамел, лачдоккхуш хийцина, хедийна довзийтина иштта а бусулба нахе безам боцчу оьрсашна Рен-ТВ телевизионо, элира адвокатан воΙа Арслана ша еллачу интервьюхь.

Резадацарш кхоьллинчу Хасавововн къамелехь дара, нагахь санна шуна Москох баха хевшина бусулба нах хьошалгΙахь бу ,аьлла, хетахь, иза дац иштта, тхо а, шу санна, тхешан цΙахь а ду, оха кхузахь бусулба нахана лерина шарΙан кхел кхолла еза а боху.

Нагахь и ца дахь, иккхинчу къовсамехь шахьар цΙийла хьарча а сахьт дац, бохуш дара хьалхо ша Оьрсийчохь бусулба нехан юкъара болам кхуллуш ву, аьлла, дΙакхайкхийна хиллачу Хасавов Дагира, шеца эфирехь къойсавеллачу журналисте бохург . Иза тахана дестийна дуьйцу, къаьсттина оьрсаша.

Хасавовн позици питане а ю, цо шена сий лоьхуш яржийна а ю, элира кхаарий дийнахь ша еллачу комментехь Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, адвокатна ца хаьа ша хΙун дуьйцу, цо сийсаздо бусулба дин. КхидΙа къамел деш Кадыровс, шен да, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, ткъа шо хьалха а дуьхьал вара шарΙан кхел кхолларна, элира.

И юкъадоккху шаьш бохуш хьийзина Ичкерин векалш, шаьш а бацара ларттΙехь ламаз дан хууш а, дин девзаш а, оцу бахьанийца цара махкахь гΙурт а эккхийтира, бохучу маьΙнехь къамел дира Кадыров Рамзана.

Оцу къамелехь, къеда аьлча, аьшпаш бу. Иза аьттехьа а дацара иштта, боху комментатора Карлсон Элизабетас.

Карлсон: «Харц комментари ю иза. Бакъду, Масхадов Аслана 1999-чу шеран юьххьехь кхайкхийра шарΙан Ιедал, амма и цо дира ца-ваьлла, радикалан некъа ваьллачу Басаев Шемалан тобано тΙеΙаткъам а беш.

Амма,коьртаниг, хΙетахьлера Нохчийчоьнан муфтий Кадыров Ахьмад-Хьажа вацара цунна дуьхьал а, я резавоцуш а. Масхадовна а, цуьнан гонна а ламаз дан а ца хаьара бохург а бакъ вац, Ю-тюбехь а тΙехь бу иза ламазна тΙехь лаьтташ баьхна видеогайтамаш».


Нохчийчоьн муфтис Мирзаев Султана а элира, Хасавов бусулба дин харц кхетош стаг ву, цунна ца девза я шарΙ а, я бусулба дин а, аьлла. ШарΙ Оьрсийчохь долуш а ду, бусулбанаш цуьнца бехаш а бу, бохура, Масхадов Аслан президент волуш, Ичкерин шарIан кхелан коьртехь хиллачу Мирзаевс.

Еарий дийнахь Хасавово Арслана, адвокатан воΙа, дийцира, шен да, и цо ша телевизонехь аьлларг нахана кхетон, Эхо Москвы радион редакце веъча, Кадыров Рамзанан кхерамзаллин хьукматера ду шаьш аьллачу наха сацийнера, цундела иза, Радион хΙусама чу а ца воьдуш, дΙаваханера, аьлла.


Оцу ΙалгΙожан хьокъехь Карлсон Элизабетас дагалоьцу ши шо хьалха Кадыров Рамзана Ля Фигаро цΙе йолчу францойн газетехь дийцинарг. Шена Оьрсийчоьн низамел а лакхара ду ШарΙ, элира цо хΙетахь. Амма хΙинца, Кадыровн пресс-секретара Керимов Ιаьлвис бахарехь, газето нийса ца кхетийнера ночхийн администраторан къамел.

ГΙумкех схьаваьллачу адвокатан Хасавовна гонаха дерг я Кадыровс а, я Мирзаевс а санна ца кхетадийраш а дуккха бу Оьрсийчохь.

Дийцарш мухха а делахь а, кхерама кΙел хΙоттийра ша адвоката Хасавов Дагира, шена хеташ долу бакъдерг а аьлла. Амма хΙинца-м цунна, шена неΙалташ а кхайкхош, Москохахь я Соьлж-ГΙалахь дуьйцург бен-башха а доцчух тера ду.Иза ведда хΙинца шена къаьсттина кхераме йолчу Оьрсийн пачхьалкхера.

Шатайпанарчу сепаратизман новкъа ваьлла нохчийн муфти Мирзаев кху баттахь. Цо шен муфтият юьстахйолу Къилбаседа Кавказан бусулбанийн урхаллера, аьлла дΙакхайкхийна. «Сепаратист» боху дош «террористан»-дашна герга даьхьина, ишттаниг вен кхачош Оьрсийчохь велахь а, Мирзаевна дов деш стагга а воцчух тера ду. Нохчийчоьн муфтият ша а къаьстина бовъялар иштта го экспертна Карлсон Элизабетина.

Карлсон: «Хасавовца доьзна иккхинчу къовсамехь а юьхькΙай во Мирзаев, хΙунда аьлча, кху беттан юьххьехь цо Нохчийн муфтият Къилбаседа Кавказан динан урхаллах дΙакъастор бакъдеш санна нисло. И урхалла 1998-чу шарахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас кхоьллина яра, 2003-чу шарахь, Кхарачой-Чергазийн муфтий Бердиев ИсмаьΙал цуьнан коьрте а хΙоттош».

Карлсон Элизабетина хетарехь, Мирзаевний, Бердиевний юкъайоьллачу гамонаша дΙасакъастийна хила а мега бусулба нахана урхаллаш. Мирзаевс официалехь дΙакхайкхийра нохчийн бусулба хьукмат ша йолуш хилар а, ша Бердиев коьртехь волчу урхаллера куьйгалхочун гΙовсалла охьадуьллуш хилар а.

Кхеташ ду, боху эксперта, Мирзаевс, Кадыров Рамзанан лаам а боцуш, ког а боккхур боцийла. Оцушиннан цхьанакхетар хилла Бердиевн урхаллах дерг къастош кху беттан 14-чу дийнахь. Кадыровн пурбанца яьккхина Мирзаевс шен гΙулч а.

Цул совнаха, Мирзаевсчул а алсам дийцира Кадыровс хиллачун бахьана. «Со ца аьлча ца волу, хала хеташ делахь а, Къилбаседа Кавказан динан урхалла буьйду го идеологехь цо исламан мостагΙашца латто безачу къовсамехь. Цо дуккха а йолчу терактех цхьаьллиг цхьа а ца йина емал» - элира Кадыровс.

Цул тΙаьхьа кхо де даьча бен дина а дац Мирзаевс шен дΙахьедар. Ткъа цул тΙаьхьа даьхкинчу деношкахь бусулба нехан гΙуллакхашна юкъа Ιедал а озош, Мирзаев вахара Москох президентан администрацин куьйгалхочуьнга Володин Вячеславе Бердиевна латкъам бан. Вукхунна, гарехь, ца лиина дин пачхьалкхах дозуш дац бохучу пачхьалкхан цΙарах къестамаш гΙовтто.

Цул тΙаьхьа шен барам дΙабаьхьира, хилларг юхьара а оьцуш, Бердиевн урхалло. И боьрзуш пресс-конференци а хилара. Карлсон Элизабетас иштта туьду цигахь нахана хезнарг.

Карлсон: «Оцу пресс-конференцехь Бердиевс урхаллехь хийцамаш бийр бу, элира, цуьнан белхан эвсаралла лакхаяккхархьама. Мирзаев шен меттигах хьагна хила тарлуш хилар коьрте а оьцуш, Бердиевс ша дарж дита кийча ву, аьлла, шен меттиге хьахийра Дагестанан муфтий Абдулаев Ахьмад-Хьажа. Иза реза ца хилла. Мирзаев хьахош, Бердиевс, цунна а ца лаьа, элира, шена ша хийцамаш хила беза бохучу хΙокху урхаллин коьрте хаа».

Цкъачунна Къилбаседа Кавказан бусулба динан урхалла хьаша ца лиинчух тера ду Ιедална. Бердиев ИсмаьΙал юха а урхаллин коьрте хΙоттийна динан вежарша. Ткъа муха некъ бийр бу, муьлхачу тобанах хΙинца дΙакхетар ю Мирзаевн муфтият хууш дац.

Гιарабевллачу хиламех ду Кадыров Рамзанан шича Байсултанов Одес нохчийн Ιедалан коьртера, премьер-министр волчуьра юьстахвалар. Иза тидаме а оьцу эксперта Карлсон Элизабетас.

Карлсон: «МаьΙнийца дуьхь-духьал богΙучу хаамашкахь йохура Кадыровн шичин Байсултанов Одесан цΙе а. Хаамийн гΙисашкахь Кадыровс, ша иза балхах вохийна бохург бакъ дац, элира. Кадыровс иза цунна низамо луш долчу деношна садоΙуш ву, бохура».

Ткъа бакъдерг хьулдина кхобу Оьрсийчоьн а, Нохчийчоьн абаккхийчу хьаькамаша. Цундела нахалахь туьду, Байсултанов даржехь лакхаваккха лерина лелош ду дерриг а, иза Къилбаседа Кавказан федералан гонан куьйгалхочун Хлопонинан гΙовс хΙоттош ву, бохуш. Карлсон Элизабетина хетарехь, бух боцуш а дац, официало ца дийцахь а, когаш а бевлла лела къамелаш.


Карлсон: «Хила тарлуш ду, Къилбаседа Кавказан федералан гонехь хийцамаш бар , аьр вай, масала, дарж дитинчу нохчочун Вагапов Сулиманан метта стаг охьахаор а, дитинчух тера ду цкъачунна, Шина федералан гонах цхьа го кхайккхолц йолчу ханна –Къилбаседа Кавказан гонах дΙакхета мега Къилбан гонера Адыгея а, Краснодаран а, Ростовн а мехкаш».

Байсултановх а, иза Вагаповс битинчу меттиге охьахаорах а дерг гур ду вайна кестта. Бакъду, шорлуш ду шина федералан гонах цхьаъ бан мега боху хабарш а, официалехь и хазош дацахь а. Амма иза дича нийса хир ду, Къилбаседа Кавказ хьашт дац административехь шалха яьккха, аьлла хета политикаш дуккха а бу.
XS
SM
MD
LG