ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицин ши белхахо вийна Кандагарехь



ОвхIан-пачхьалкхехь Кандагар олучу провинцехь тIемалошца хиллачу тасадаларехь вийна полицин 2 белхахо. ТIемалошна юкъахь а вийна 2 стаг. ТIемалойн аьтто баьлла Iедалан гIишлонаш йолчу территорин керта бовла.

Хаамийн агенталлаш дийцарехь, шина тIемалочуьнан дегIах йихкина хилла бомбанаш. ТIематасадалар дахделла эха сохьтехь. Iедалан белхахойх вийна а, лазийна а стаг вац.
XS
SM
MD
LG