ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пакистанехь вийна карийна Британера лор



Британерачу лоьран, «Дуьненаюкъара ЦIе ЖаIар» олучу Комитетан белхахочуьнан Дале Расджед Халилан дакъа карийна КIиран-дийнахь Пакистанехь Кветта-гIалана генадоццуш.

Кху шеран Дечкен-беттан 5-чу дийнахьиза лачкъийнера муьлуш бу ца хуучу наха. Пакистанан полицин векалша дийцарехь, вийначу лоьран дакъа карийна телат тоьрмиг чохь, офхIанан дозанна генадоццуш. Меттигерачу Iедалшна хетарехь, 60 шо долу Дале лачкIийнарш бу тIемалой.

ЦIечу ЖаIро емал дина шайн белхахо вер, иза адамалла доцу зулам ду, аьлла. Дале вер емал дина Британин арахьарачу гIуллакхийн министро Хейг Уильяма а.
XS
SM
MD
LG