ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евро 2012 футболан чемпионатана бойкот еш ю Европа


ХIокху шеран Европан футболан чемпионатан цхьайолу матчаш тIеоьцучу Украинина шаьш бойкот йо аьлла сацам бина Европан Комиссино. Цуьнан бахьана ду боху цара, Украинерчу набахтехь хан токхуш йолчу, цу мехкан премьер-министр хиллачу Тимошенко Юлиян хьал.
ФИФАн президенто Блаттер Зеппа дIахьедар дина тахана, политикан хьал мухха делахь а, Евро-2012 футболан чемпионат, дагалаьцнначу кепехь дIахьур ю, аьлла.

«Уггар хьалха политикаша спортан мехала хIума юьхьарлаца деза. Чемпионат тергамза йитарца, цара ойла ян еза шайн сацамашна тIехь. Футбол – адамаш цхьанатоха Iалашо йолуш ю, уьш къастош яц», аьлла Блаттера, Швейцарерчу Сейнт-Галленерчу симпозиумехь хиллачу дебаташкахь.
Цхьа-моггIа Европерчу политикаша а хIинцале дхьедарш дина шай-шай цу чемпионате гIур вац, аьлла.
XS
SM
MD
LG