Дуьненаюкъарчу Amnesty International олучу бакъонашларярхойн вовшахтохаралло дIахьедар дина Оьрсийчура оппозицин лидерш Навальный Алексей а, Удальцов Сергей а политикан тутмакх ву аьлла. Навальный а, Удальцоа а дIалецира Москох кху беттан 6-чу дийнахь хиллачу оппозицин митингехь.
Дуьххьара цаьршинна гIуда тоьхнера суьдо. Амма масийтта дийнахь набахтехь а латтиийна, цаьршинна хIоранна а хан туьйхира 15 де набахтехь дакхха, полицина дуьхьало йина аьлла, бахьана а дина.
Amnesty International олучу вовшахтохараллана хетарехь, Навальный а, Удальцов а гIерташ вара шайн демонстрацишкахь дакъа лаца йолчу маршонах пайда эца. Амма Оьрсийчоьнан Iедалша набахти чувоьллина и шиъ.
ПIераскана дийнахь Москох Пресненски кIоштан суьдо митингехь дакъа лацаран кеп йохийна аьлла, 100 туьма гIуда тоьхна телевизионан программаш дIаяхьархочунна Собчак Ксенияна.