ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стигал таллар дендеш ю Ιамерка



Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа дуьххьара долара ракета хьажийна Дуьненаюкъарчу космосан станци тΙе. И кхоьллина СпейсЭкс кампанино. Цо шеца новкъабаьккхина ах тонна кир. Оцу барамах «историн гΙулч» цΙе тиллина Ιамеркан аэрокосмосан НАСА-агенталло. Стохка Ιаьмеркан «шаттлийн» Дуьненаюкъарчу станцица зΙе хаддарх, ракеташ стигала хьежоран шен программа хийцинера пачхьалкхо. Ракеташ хΙинццалц стигал юьгура оьрсийн «Союз» агенталло. ХΙинца аьтто бу Ιамеркахойн шайн космосца йозу Ιалашонаш шаьш дΙакхехьа.
XS
SM
MD
LG