Иракъан шахьарахь БагΙдадехь ГΙажарийчоьне зарратан герзаш кхоллар дитийтар дийцаре деш бу зарратан герзан да йолчу ялх пачхьалкхан векалш. Джалили СаΙид коьртехь волчу ГΙажарийчоьнан делегацино цкъачунна жоп делла дац оцу хьекъехь, хаийтира Евробертан векала Манн Майкла. Шена хетарехь, тΙех боккха хийцам хир бу ала дац ГΙажарийчоьн позицехь, элира Манна. ГΙажарийчоьно хьалхо делла жоп дара: ша заррат зер дуьту, нагахь санна шена йохк-эцар лелон тоьхна эмбарго юхаяккхахь, аьлла. Амма кхианза дуьсуш ду Европано а, Ιаьмиркахоша а ларден жамΙ – официалехь ТехΙеран юха ца яьлла шен заррат зеран программах.
ГΙажарошца барт лоьху дуьнено