ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеман дипломаташ арабохуш ю Европера пачхьалкхаш


ДIадаханчу ПIераскана дийнахь ХIоула олучу гIалахь, 108 стаг а вуьш, бохам хиллачулла тIаьхьа Шемара дипломаташ арабохуш ю Евробертана юкъайогIуш йолу пачхьалкхаш.

Шайн пачхьалкхера Шеман векалш дIабийтарх лаьцна хIинцале а хаам бина Францино а, Германино а. Британехь хилла Шема-пачхьалкхара векал дIавахара хьалхо. ХIинца Лондонера аравоккхуш ву цхьана ханна цигахь векал хилла Шемара дипломат.

Дуьненаюкъараллин цIарах волу векал Аннан Кофи Демашкъехь цхьаьнакхетна Шеман президентаца Асад Башарца. Цу хеннахь, цу пачхьалкхан цхьацца йолчу кIошташкахь юха а тасадаларш хила Iедалан ницкъашна а, гIаттамхойн тобанашна а юкъахь.
XS
SM
MD
LG