Кхарачой-Чергазийчуьрчу Первомайски-юьртахь мехкан террорна духьалояран комитетан ницкъаша, цΙенна го а бина, тΙе герзаш диттина вийна 25-26 шераш кхаьчна кхо вахархо – Семенов Динисламмий, Байчоров Ιумаррий, Каракотов Динисламмий.Шинарийн суьранна йолийна тΙеман операци лаьттира шолгΙачу дийнналц. Иштта гоне лаьцна яра лулара Учкеген-юьрт а. Вийна кхо жимстаг, официало дийцарехь, хьалхо тΙамехь кхелхинчу гΙаттамхоУзденов Ислама куьйгалла динчу тобанера ву. Царна бехке до ах шо хьалха, кхо стаг а вуьйш, полицина тΙелатар.Ткъа тамаше ду, хΙинца байъанчаьрца волу Байчоров Ιумар лаьцна шаьш, аьлла, полицин урхалло, кху шеран юьххьехь кхайкхийна хилар. Хууш дац, иза муха ваьлла лаьцначуьра мукъа, муха нисвелла тΙемалошлахь юха а.
Кхо жимстаг вийна Ιедалша КхЧР-ехь