ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисархошна еза ю нийсо



Мисаран Лакхарчу кхело магийна вохийначу президентан Мубарак Хоснин Ιедалехь министр Ιийначу Шафик Ахьмадна керла президент хоржуш дΙабоьлхучу харжамашкахь кандидат виса. Кхело тΙе ца эцна хьалхалерчу Ιедалх болчу нахера харжамхойн бакъонаш дΙаяхар къастош кечдина хилла низам. Шафик Ахьмад хила безачу харжамийн шолгΙачу муьрехь къовсавала везаш ву «Бусулба вежарий» партин лидерца Мурси Мохьаммадца. Мубаракна гΙуллакх дина нах керлачу Ιедале кхуьйдуьйтийла дац аьлла хета «Бусалба вежарий» - партина.

XS
SM
MD
LG