Оршоьтан буьйса юккъейоьдуш билгалдевлла Грецехь дΙахьош хиллачу парламентан харжамийн официалехь доцу жамΙаш. Тоьллачех ларалуш ю кхо парти: консервативан «Керла Демократиййий», аьррорадикалан «Сиризий», социализман хьежамаш болу «Пасоккий». Амма «Сиризаной», «Пасокой» хΙинцале дΙахьедина, шаьаш коалици хΙоттор яц «Керлачу Демократица», аьлла. Хьалхаяьллачу партино баьхна парламенте ах сов меттигаш. Толамхой тешна бу, шайн аьтто бер бу шайгахьа йолчу партех юьззина парламент кхолла, аьлла.
«Керла Демократи» партино кхайкхадеш ма-хиллара, цуьнан векалша-депутаташа кхочуш дийр ду Евроберто Греци финансан кризисах кΙелхьара йоккхуш ахча дала кхайкхийна хьелаш.
Харжамашкахь Евробертехьа йолчу партино толам баккхар кхаъ хилла Европерчу банкашна а – Греци, тешна а, йиса тарло еврозонехь. Официалехь а доцуш даьржинчу жамΙаша лакхабаьккхина евровалютах болу тешам. ЦΙеххьана хьалабаьлла сийсара Евро-ахчан мах.