ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курдаша тIелатар дина туркойн эскаран посташна


Туркойн махкахь кхаа эскаран постана тIелатар дина курдийн сепаратисташа. И бахьана долуш вийна 18 стаг. Туркойн эскаран буьйранчалло бинчу хаамца, байинчаьрна юкъахь ву 8 туркойн эскархо а, 10 тIелатар дина курд а. Чевнаш йина ву 16 туркойн эскархо.

ТIелатар динчу кIошта хьовсийна туркойн эскаран дакъош. Царна гIо деш ду тIеман хIаваан кеманаш. Хетарехь, Курдийн белхан партин тIемалой туркойн территорина тIе бевлла хилла Иракъера. Цигахь лаьмнашкахь ю церан тIеман базанаш. Туркойн посташна тIелатар а дина, юхабевлла дийна бисина долу курдаш Иракъе.
XS
SM
MD
LG