ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МухIажираш къелхьарбахаран операци дIаерзийна Индин хIорд чохь


Индин хIорд чохь дIаерзийна, Азера мухIажираш тIехь болу хIордан кема хи бухадахана, бохам хилла болу нах къелхьарбахаран операци. Кема хилла Индонезера Австралин Кристмас олучу гIайре доьдуш.

Амма иза хи бухадахана еарин дийнахь цу гIаренна тIекхача 120 миля йиссинчхенахь. 109 стаг къелхьарваккха аьтто баьлла. Церах дукхах берш бу ОвхIанистанан а, Иракъан а махкахой. Велла карийна 6 стаг.

Висина 90 стаг каро аьтто ца баьлла.

.
XS
SM
MD
LG