ОвхΙанистанерчу НАТО-н эскаршна Пакистанера кир тΙекхоьхьу машенаш дΙасалелийта сацам бина Исламабадо. Ιаьмеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Клинтон Хилларис хьалхо Ιаьмеркахошний, пакистанхошний юкъа довдоларан бехк шинарий дийнахь шен пачхьалкхан царх тΙеэцаро къадбина Пакистанан куьйгалхой.
Юкъаметтигаш шелйинарг дара дахначу шеран гурахь Ιаьмеркахойн кеманаша, гΙалатонца ракеташ тоьхна, Пакистанан эскархойх 24 стаг вер. Ιаьмеркан Ιедалша шаьш кхаарий дийнахь дΙадолор ду схьабиллинчу некъа тΙоьхула машенаш лелийтар, бохура. Амма Пакистанерчу тΙалибаша дош делла, шаьш оцу машенашна тΙелетар ду, нагахь санна цара герз эскаршка кхачош хилахь, аьлла.