ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадца цхьанакхетта Аннан


Шемахула дуьненаюкъара векал волу Кофи Аннан тахана Димашкъехь цхьанакхийтира Шеман президентца Асад Башарца. Шен Асадца хилла дагадовларш «пайдехь а, бух болуш а» ду элира Аннана, цхьанакхетар дIадирзинчул тIаьхьа.

Даханчу шоьтан дийнахь Аннан къера хилира, политикан сацам а лехна, Шемахь гена долуш лаьтта дов сацон дуьненаюкъараллин аьтто баьлла ца хиларна.
Баханчу Охан-баттахь дуьйна болабала безаш бара, герз деттар сацорца боьзна сацам. Юкъара лелачу Ананнан планан хьалхара дакъа дара иза. Амма ницкъ бар тахана а саца дагахь дац.

Тахана Шемара оппозицино бечу хаамца Дейр-Зор а, Дараа а, ХIомс, Алеппо, Димашкъан а цхьацца кIошташна тIе ракеташ йиттина. Кхин а де хьалха, оппозицн хьесапехь 100 сов стаг вийна Iедалан ницкъаша.
Президента Асада чIагIдарехь, политикан некъашца дов дерзорна новкъарло еш, Асада террорахой олучу нахана арахьара латтош долу гIо ду.
XS
SM
MD
LG