ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь химин герз юкъадаларна кхоьру дуьне



Шемин арахьарчу гΙуллакхийн министран пресс-секретара Макдисси ДжихΙада хаам бина, шайн пачхьалкх лерина яц химин герз арахьарчу мостагΙчунна бен духьалдаккха, аьлла. И тайпа герз Ιедало цкъа а ца лелийна гΙаттамаш хьошуш, иза эскарша леррина лардеш а ду, бохура Макдиссис.

КΙирандийнахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн векала Карни Джеймса дΙахьедина, шайн пачхьалкхо дуьззина жоп доьхур ду, нагахь санна Шемарчу Ιедало шен халкъаца даьлла дов луьстуш, химин герз юкъадаккхахь, аьлла.

Шемарчу дипломатийн векала тоьшалла дира, Демаьшкара тΙемаш лагΙ а белла, масех де даьлча совцур а бу, аьлла. Цо тΙе а ца дитира, Ιаьрбан пачхьалкхийн Лигано деношкахь Асад Башарна, дарж а дитий, шен доьзалца цхьаьна юьстахвала, аьлла, дина хьехар.
XS
SM
MD
LG