ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тимошенко юха а кхелана хьалха хIотто лууш ю прокуратура



Украинан премьер-министр хилла йолу Тимошенко Юлия кхеле ялорах лаьцна долу хаттар луьсташ яра Харьков-гIалара суд. "Газаца доьзна" долчу гIуллакхехула, 7 шо хан а тоьхна, чуйоьллина йолчу цунна дуьхьал Iедалша схьадиллина шолгIа бехк-такхаман гIуллакх.

Тимошенко бехке еш ю «Украинан юкъаран энергетикан системаш» олучу корпорацина куьйгалла деш, цо финансашца йоьзна харцонаш лелийна аьлла. И гIуллакх хоттуш Тимошенко лууш яц кхеле яха, шен могашалла дика яц бохуш.

Шинарин дийнахь хиллачу кхеташонехь прокуратуран векло дийхира Тимошенкоца видеоконференци яйтар. Цу хьокъехь сацам бийра бу суьдхочо ши къира даьлча.
XS
SM
MD
LG