ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхо полисхо вийна дийнахь-буса



Ши полисхо велла, цхьаъ лазийна Дагестанерчу ЦΙунта-кΙоштахь бевзаш боцчара динчу тΙелатарехь. Оршоьтан дийнан делкъехь «Кидоро-Мокок» некъа тΙехь, хьуьнхара герзаш тоьхна полицин машенна. Белла полисхой бу Абдулаев Хизри а, Мусаев Хьабиб а.

Иштта оццу ЦΙунта-кΙоштахь, лерринчу полицин ханна тΙелатар а дина, оршоьтан буса вийна Адыгеяра ханна балха хьажийна хилла полисхо.
XS
SM
MD
LG