ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадан режим «Делан мостагI» ю боху Шеман премьер-министр хиллачу Хиджаб Рияда


Даханчу кIирнах Урдуне веддачу Шеман премьер-министр хиллачу Хиджаб Рияда бахарехь, Асад Башаран режимо урхалла деш пачхьалкхан 30 процент латтий бен дац. Асадан режим «Делан мостагI» ю элира Хиджаба, пачхьалкхера дIаваханчул тIаьхьа дуьххьара нахана юкъа ваьллачу шинарин дийнахь. Цо бахарехь, режим «сица а, ахчанца а, тIеман агIор а» йоьхна дIайолуш ю. Бисинчу Iедалхошка а опоозицин ницкъех дIакхетар дийхира Хиджаба.

Оццу хенахь, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин гIо-накъосталлин урхаллин куьйгалхо Амос Валери кхаьчна шинарин дийнахь Димашкъе. ТIемаш болчу меттигашкахь дан амал доцуш бисинчу нахана а, дIасабовла дезачарна а гIо даран некъаш бийцаре бийр болуш бу цо.
Оцу организацин хьесапехь 150 000 Шемара мухIажарш бу луларчу пачхьалкхашкахь дIатарбелла.
XS
SM
MD
LG