ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчоьнан зарратан программа йийцаре йийра ю Венехь


ГIажарийчоьнан зарратан программах лаьцна долу рогIера дийцарш дIадуьйлалуш ду Австрин коьртачу гIалахь Венехь. Цигахь ГIажарийчоь йоцург дакъа лоцуш ю Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташонан даиман а декъашхо йолу 5 пачхьалкх а, Германи а.

ГIажарийчоьнан векло Солтание Асгар Iелас ПIерасан дийнахь цу хьокъехь дIахьедар дина, шаьш и дийцарш дика жамIаш а долуш дIадерзо дагахь ду аьлла.

Дуьненаюкъара Зарратан Энергехула йолу Агенталла (IAEA - International Atomic Energy Agency) тIаьхьарчу шерашкахь тоьшаллаш каро гIерташ ю ГIажарийчоь зарратан герз дан гIерташ хиларан. ТехIрано тIе ца дуьту шайна дохкуш долу бехкаш.
XS
SM
MD
LG