ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвили: къонахий бара вай байъинарш



Гуьржийчоьнан президента Саакашвили Михаилан омраца шоьтан дийнахь Паьнказан чΙожахь дΙабоьхкина, цигахь гучу а бевлла, пачхьалкхан ницкъаша байъина Кавказ-Имаратан бΙаьхой – 11 стаг а, гуьржийн агΙор кхелхина ши лерринчу ницкъийн векал а, тΙеман лор а.

«Вай даккхий ца де цхьаьннан а валарх. Герзаца баьхкина тΙемалой буьззина бΙаьхой бара. Вай дийхира цаьрга карабахкар. Цара иза тΙе ца эцча бен а ца байъина. Оьрсийчоьнера масал оьцур дац вай - дуьтур ду церан гергарчарна тΙехΙитта кешнаш», - элира Саакашвилис шен махкахой а, къилбаседа-кавказхой а дΙабухкуш.

Дагестанан агΙор шайн латта тΙехь нисъеллачу тобанца шина дийнахь тΙом бира гуьржийн эскарша. Ткъа и болор а, луларчу лаьмнел дехьабевлла шайн латта тΙе нисбелла имаратхой байъар а Саакашвилин ницкъашна тΙехдетта дуккхаъчу гуьржийн оппозиционераша.

Цара интернетерчу сайташ тΙехь даржийна шайн дΙахьедар. ТΙом а боцуш ерзон мегаш инцидент яра иккинарг, Кавказ-Имаратца ийгΙина ларадогΙу хΙинца президент Саакашвили, боху цу тΙехь.
XS
SM
MD
LG