ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Караджичан дехар юхатоьхна ХIаагерчу кхело



ХIаагерчу дуьненаюкъара трибунало юхатоьхна Боснерчу сербийн лидер хиллачу Караджич Радованан, керлачу процессах лаьцна долу дехар. Караджич бехке веш ву 1990-чу шерашкахь Боснехь тIом боьдуш тIеман зуламаш дарна.

Цо и бехкаш шена тIе ца оьцу. Баханчу баттахь Караджича дехар динера кхел юхайоло еза, шегахьа долу тоьшаллаш адвокаташка дукха меллаша луш хиларна аьлла.

Делахь а, суьдхоша сацам бина цуьнан бакъонаш эшош яц аьлла. 10 шарахь кхелах къайлаваьлла лелла волу Карджич Радован дIалецира Сербехь 2008-чу шарахь Мангал-баттахь. Цул тIаьхьа иза дIавелира ХIаагерчу трибунале.
XS
SM
MD
LG