ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицина герзаш диттина Дагестанехь


ХIинжа-гIалара Буйнакске боьдучу некъан йистехь чевнаш йина ши стаг а, ягийна машен а карийна Дагестанехь. Полицино бинчу хаамца, царех цхьаъ велла дарбан цIийне вьугуш. Хилларг хIу ду хууш дац. Таллам бу дIахьош .

Оршотан дийнахь Хасу-Юьртахь, Ярык-су хин тIайна уллехь, бевзаш боцчу наха герзаш диттина полицин гIаролана тIе. Вийна а, лазийна а стаг вац, хаам бо Iедалан векалша.
XS
SM
MD
LG