Оьрсийчура Владивостокана гергахь шен болх дIаболийна Азин а, Тийначу хIордан а регионехь экономикан юкъаметтигаш дIакхехьаран саммито. Цигахь къамел дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.
Шен къамелехь цо хьахийра цу форумехь йийцаре йийра йолуш коьрта теманаш. Царна юкъахь ю экономикан интеграци а, кхачанан а, энергетикан а кхерамазалла а транспортан а, инвестицийн проблемаш а.
Цул сов, Путина дийцарехь, Белорусица а, Казахстанца а цхьаьна Оьрсийчоь кийча ю шен транпортан системах пайда эцийта, Азин а, Тийначу хIордан а регионан а Евробертан а бизнесийн зIенаш дIатосуш.
Оьрсийчура экономикан саммитехь дакъалоцуш бу цу регионерчу пачхьалкхийн куьйгалхой. Амма, Обама Барак харжамашна кечлуш хилар бахьана долуш, Iамеркан делегацина коьртехь ю цу мехкан Пачхьалкхан секретар Клинтон ХIиллари.