ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха вийна Либера Ιаьмеркан векал?



Ιаьмеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президента Обама Барака бакъдо шайн пачхьалкхан Либера векал Стивенс Кристофер цигарчу Бенгази-гΙалахь лаьттачу векалтна тΙелеттачу нехан тобано вийна хилар. Шинарий сарахь цигахь иштта кхин а маситта стаг вийна хилар а хаийтира Обмас.

Тоьпаш а, шаьш йина бомбанаш а карахь тΙелетта Либин бахархой векалтан гΙишлонна. Коьрта бахьана ду, Ιаьмеркарчу цхьана режиссера, «Бусулбаниг» аьлла цΙе а йолуш, яьккхинчу кинофилман Ιаьрба маттахь цхьа дакъа интернетерчу Ю-Тюб чу диллина хилар а, иза либахошна цатар а. Бусулба дин филмо сийсаз до, аьлла хетта нахана.
XS
SM
MD
LG