ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британин принцан хIусамненан сурташ зорбане дахар дихкина Францерчу суьдо


Британин принцан Уильяман хIусамненан, иза садоIуш йолуш, даьхна сурташ зорбане дахар дихкина Францерчу суьдо. И сацам бохийначун гIуда тухур долуш ду 10 эзар евро барамехь.

Хьалхо прокурораш таллам бира кху беттан 14-чу дийнахь Closer цIе йолу журнало Миддлтон Кэтринан сурташ зорбане дахар бахьана долуш. И сурташ даьхна къайлах принц Уильям а, цуьнан хIусамнана а хIара бут болалуш Францехь садоIуш долуш.

Оршот дийнахь уьш гучудевлира Италехь арадолуш долчу Chi цIе йолчу журнал тIехь. Миддлтонан эвхьаза духар доьхна суьрташ даханчу Шоьтан дийнахь зорбане дехира Ирландерчу The Daily Star-газето а.
XS
SM
MD
LG