ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь адамийн бакъонашца долу хьал дийцаре дан кечлуш ю ПАСЕ


Страсбургехь йолаелла Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблеян гуьйренан сесси. Иза дIайоьллуш ПАСЕ-н гIантдас Миньон Жан-Клода дIахьедар дира, ша дагахьбаллам болуш ву Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан спикер Нарышкин Сергей Страсбурге ца варна аьлла.

Миньонна хетарехь, Шинарин дийнахь тIеоьцур йолу, Оьрcийчохь адамийн бакъонаш талхорах лаьцна йолу резолюци, баланс лар а йеш, кечйина ю. Оьрсийчоьнан делегацин декъашхошна хета иза тIеэца мегар долуш яц аьлла, цу тIехь Оьрсийчоьнна критика еш хиларна. Нарышкин реза ца хилла ПАСЕ-н сесси ваха, оьрсашна дуьхьал болчу нахана ша дуьйцург хезар дац аьлла.
XS
SM
MD
LG