ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Китайн компартин гулам бу Пекинехь



Китайн куьйгалхочо ХΙу Цзиньтаос еарийн дийнахь ша мехкан компартин гулам схьабоьллуш, партин декъашхой кхайкхира коррупцица баллабо къийсам жигара баккхаре. КΙиранах лаьтташ хуьлу гулам пхеа шарахь цкъа дΙахьо Китайхь. Коьрта Ιалашонех цхьаъ ю партин куьйгалхо хийцар.

Тергамхошна хетарехь, ша Цзиньтао хийца мега коммунисташа, дарже кхи стаг хΙоттош. Китайхь тΙаьххьарчу хенахь масситта скандал иккхира цуьнан куьйгалхой коррупцина бехке беш. Оцо ялон там бу компарти шен куьйгаллехь хила тарлучу хийцамашка.
XS
SM
MD
LG