ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь некъ дIалаьцнера бахархоша


200 гергга стага машенаш лелан некъ дIалаьцнера ПIераскан дийнахь Дагестанехь Онсоколо-кIоштахь Временный олучу эвлан йистехь. Цара доьхург дара ФСБ-н белхахоша Генубехь а, Харачихь а дIалаьцна волу кхо стаг дIахецар.

Дуьхьалонан акцин декъашхоша дIакъевлинарг бара Буйнакскера БотIлихе боьду некъ. Цу меттехь тасадаларш хилар бахьана долуш, лазийна ву Нижний Новгородера полицин ши белхахо. Царна тIулгаш диттина дуьхьалонан акцин декъашхоша.

Тахана шаьш дIалаьцначу кхааннах цхьа стаг дIахецна Дагестанан Iедалша.
XS
SM
MD
LG