ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуй хьиджаб кхераме духар?

Хьиджаб лелаеш йолу Прагера бусулба зуда
Хьиджаб лелаеш йолу Прагера бусулба зуда

Маршо Радионо ладогΙархошца дахначу кΙиранашкахь дийцаре дира нохчийн божарийн а, зударийн а духар муха хила догΙу. Жоьпаш деллачара алссам тергоне оьцура тахана бусулбанашалахь яьржаш лаьтта хьиджабаш а, никъабаш.

Вай духарш хьехош Ιеччу юкъанна, Нохчийчоьнна уллерчу Ставропол-махкахь губернатора бусулба зудаберашна школе лелон мегачу духаран кеп а, мехкарийн куц а гурашка дуьллуш сацам тΙеэцна. Бац губернаторан сацамехь меттиг я никъабашна а, я хьиджабашна а.

Нохчийн гΙиллакхашна, Ιадаташна, амална тΙеΙаткъамбеш духар хетий шуна хьиджаб. Вайнехан хΙума цо тодо я эшадо?

Иштта хир ду Маршо Радионо ладогΙархошца кху кΙиранах дийцареден хаттар.
Хетарг довзийта кху телефонашкахула. Праге зΙе тухуш: код +420, лоьмар 724019832. СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65. Иштта имейл хьажо а мега Маршо Радионе: nc@rferl.org

Довзийта шайна хетарг. Вай дицаре даре хьаьжжина дерза а ма тарлой вайн дахар!
XS
SM
MD
LG